ГлавнаяНовости2023 шо - Нохчийн меттан шо!

2023 шо - Нохчийн меттан шо!

220 просмотров

2023-чу шеран кхолламан беттан ткъе пхоьалг1ачу дийнахь т1етоьхначу дешаран муниципальни бюджетан хьукмат "СОЬЛЖАН -Г1АЛИН МУНИЦИПАЛЬНИ К1ОШТАН КЪОНАЧУ ТЕХНИКИЙН Ц1А", профсоюзин кружокан куьйгалхочо Бугаева Зулпаа д1айаьхьира "2023 шо-Нохчийн меттан шо" ц1е йолу кхеташо. 1алашо  - вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; нохчийн меттан дозаллех, сийллалех лаьцна а, нохчийн меттан беттанийн, к1иранан денойн ц1ераш а, иштта т1екхуьучу чкъурана шен матте безам кхиорах а лаьцна. Гуламехь дакъа лоцуш 12 стаг вара. Ишта кхайкхина йара  нохчийн меттан хьехархо Басаева Хьава Магомедовна.